ЦIазамаш мерза ду Даймехкан арахь
ЦIазамаш мерза ду Даймехкан арахь,Ахь дууш долчеран – бос бу.Верасийн кхел ю хьо веддачех лара,Ойлае ахь а – и дош ду?.. Лела-кха, декъаза цхьа пал идош, хьо,Аренца марзделла рицкъа.Юург а, мерг а ю...

ЦIазамаш мерза ду Даймехкан арахь,
Ахь дууш долчеран – бос бу.
Верасийн кхел ю хьо веддачех лара,
Ойлае ахь а – и дош ду?..
Лела-кха, декъаза цхьа пал идош, хьо,
Аренца марзделла рицкъа.
Юург а, мерг а ю кху цIахь тхан, дош а
Сийлахь ду хьоьгарчу ницкъал.
Уггаре хьомениг херйинчу хьуна
Парзашна жоп хирий техьа?..
Орамаш дахьоле херонан хьуно,
Верзахьа сихонца цIехьа.
Адам Ахматукаев







No Comment! Be the first one.