Бераллин шерашна аьхна
Бераллин шерашна аьхнаХиллачу туьйранех юьйлуш,Цхьа дажал вуссур ву баьхнаЗама сан гIенаш чу юьйлу. Вайна цо кечбина бохамКхаж бу те йилбазийн баьлла?!Синошна и далатохарХIинцале бале ма даьлла. Са...

Бераллин шерашна аьхна
Хиллачу туьйранех юьйлуш,
Цхьа дажал вуссур ву баьхна
Зама сан гIенаш чу юьйлу.
Вайна цо кечбина бохам
Кхаж бу те йилбазийн баьлла?!
Синошна и далатохар
ХIинцале бале ма даьлла.
Са кIезга хиларна доцуш,
Са хьаьшна хиларна дуй и-м.
Бакъ-харцций, цецах чекх лоцуш,
Узуш дац я дош, я дуй а.
МозгIарна вайгахь ган тайннарг
АллахIан цIарах а баьрчче
Даккхалуш хилар а вайна
Хезна а, гина а даьлча,
Вай хIунда сихло те теша
ЦIуьхIарийн суьпачу кхаьънех?
Цундела дазлуш ду теша
Сан гIенийн дастаза маьIна?
Дуьненан букъ хьоьшу эрчо
Тидахь а дажалан цIарца,
Къинош-м ду вайна тIехьерчош,
Марз а деш АллахIан цIарца.
Адам Ахматукаев







No Comment! Be the first one.