А.Айдамиров “Вайн амалш”

Новая функция! Теперь вы можете увеличивать или уменьшать размер текста с помощью кнопок A− / A+. Особенно удобно для тех, у кого слабое зрение. Мы продолжаем улучшать сайт для вашего комфорта!

Бераш хьекъале, кхетаме, могаш, оьзда, къинхетаме, я цхьана дашца
аьлча — бераш: иманехь кхиорехь коьрта меттиг дIалоцу зудчо, нанас. Адаман уггар хьалхара хьехархо нана ю. Цо Iамадо бер меттан хьалхара дош ала а, цо Iамадо иза кхерамах, бохамах лардала а, диканиг, вониг къасто а, къинхетаме хила а, цо хьоьху берана оьзда гIиллакхаш а.

Зеделла ду, хьекъалца, Iилманца, оьздангаллица, къинхетамаллица, адамашна пайдехьа гIуллакхашца дуьненан исторехь дикачу агIор цIе йоккхуш гIарабевллачу нехан наной, хIусамнаной хьекъале, оьзда, къинхетаме, Делах тешаш, ДелахI кхоьруш а зударий хилла хилар. Зударий оьзда, могаш, къинхетаме, иманехь болу къам иманехь хуьлу, ткъа зударий оьздангаллех боьхнехь, и къам иманах, оьздангаллех а дохаран коьрта билгало ю.

Амма зударий иманах, оьздангаллех ца буху, оцу къоман боьрша нах хьалха иманах, оьздангаллех а боьхначул тIаьхьа а бен. Нагахь санна, къоман боьрша нах иманехь, оьзда, къинхетаме, собаре, доьналле къонахой белахь, шайн зударийн сий, могашалла, оьздангалла ларъеш белахь, оцу къоман зударий цкъа а оьздангаллех бухур бац. Амма зударийн дай, вежарий, кIентий, хIусамдай оьзда, иманехь бацахь, къонахой бацахь, церан зударшна маршо йолу царех тера хила.

📢 Объявления; Добавлена 📓 были добавлены новые книги в Библиотеку»

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

Этот сайт использует Akismet для борьбы со спамом. Узнайте, как обрабатываются ваши данные комментариев.